Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Шалинский государственный колледж»

Открытие Недели чеченского языка

20.04.2026

20 апреля в ЧГК прошло открытие Недели чеченского языка

Оханан беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь д1адаьхьира вовшахкхетар «Нохчийн мотт- сан къоман аз» ц1е йолу, нохчийн меттан де даздарна лерина.

Кадыров Ахьмад –Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дешнаш, боккхачу лерамца, карладехира: «Ас даима дозалла дина, суо нохчо хиларх».

Дешархоша  йийшира  вайн  поэтийн байташ. Нохчийн матте, Даймахке, нене, халкъе, дахаре йолу ойланаш алсамйохуш.

Йахь, доьналла, оьздангалла, сийлалла шайгахь йолу дийцарш дийцира.

Т1еч1аг1дира вайн маттаца Халкъан Сий, Къонахчун Йахь, Адамаллин хьекъал, кхетам хилар. Дагах хьакхалуш, оьздачу дешнашца бийцира турпалхой. Гайтира видеороликаш.

Къамел хьегначарна а, ла мел доьг1начарна а баркалла олуш, нохчийн меттан денна лерина барам берзийра.

 

Источник: ГБПОУ ЧГК