Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Шалинский государственный колледж»

Нохчийн меттан де

24.04.2021

Бекалахь, ненан мотт, тахна,Хьайн халкъан маьрша мохк хестош,Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –Даймахкана кхайкхабеш хастам.Бекалахь, ненан мотт, тахна,Дуьнене машаре кхойкхуш,Лаьтта тIехь Къинхьегам, Нийсо,Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.Айдамиров Абузар.ПАЧХЬАЛКХАН БЮДЖЕТНИ ПРОФЕССИОНАЛЬНИ ГОВЗАЛЛИН ДЕШАРАН ХЬУКМАТЕХЬ , Пачхьалкхан Шелара колледжехьБЕКАЛАХЬ, БЕКАЛАХЬ САН НЕНАН МОТТ" ц1е йолу , Нохчийн меттан денна лерина мероприяти д1аяьхьиира.Мотт – иза муьлххачу а халкъан истории ю, иза цуьнан хиндерг а ду. Мотт д1абаьлча, халкъ а д1адолу. Матто лардо халкъан васт, цуьнан амалш, г1иллакхаш, ламасташ.Цундела вайн декхар ду т1екхуьучу т1аьхьенашкахь ненан матте безам кхиор, и царна 1амор. «Шен Даймахке ц1ена, даггара безам хуьлийла дац, шен матте безам ца хилча. Нохчийн мотт вайн историх, къоман башхаллех, г1иллакхех, культурех д1акъасто йиш йоцу дакъа ду», -аьлла билгалдаьккхина Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана.